Кечйина базалг йолчу цІа чохь гулделла бераш ду. ЧуйогІу, хаза духар дуьйхина, кечъелла йоІ – Лайн-Аьзни).
Лайн-Аьзни. Де дика хуьлда шун, бераш! Шу ма хаза ду. Хаза духарш а ду, вуно товш, тІедуьйхина. Аш-м базалг а кечйина. Дела реза хуьлда шуна! ХІинца вай шарахь цкъа бен ган йиш йоцчу Дадига вола эр ду. И Дада мила ву?
Бераш. ГІура-Дада!
Лайн-Аьзни. ХІаъ. Нийса бах. И ганза шо даьллехь а, аш и виц ца вина. ХІинца, цуьнга схьа а кхайкхина, вай вешан Керлачу шарна лерина долу той дІахьур ду. Массара а цхьаьна схьакхайкхий вай ГІура-Дадига, дикалла а, оьздангалла а, комаьршалла а массарна тоъал шеца йолуш волчу?