произведенин чулацаман бухе бехкинарш Нохчийчохь XIV бIешо чекхдолучу XV бIешо долалучу муьрехь лаьттина исторически хиламаш бу. Автора шена хьалха хIоттийна Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларч