1. Биъ ловзуш берг, шиъ Iуттуш ерг, цхьаъ ластош ерг? (Етт)
2. ХьаргIа санна Iaьржа ю, маIа ю, ша сту бац, ялх ког бу, бергаш яц? (Чхьаьвриг)
3. Когаш а бац, тIемаш ду, хьоза санна бодуш бац? (ЧIара)
4. Горгли туху, сахьат а дац,
Са хилчи хоуьйту? (НIаьна)
5. Лаьттахула текхаш бу,
Стаг тIе вуьтуш бац? (Лаьхьа)
6. Куьйгаш а дац, бел а яц, поппарх хIусам а йо? (ЧIегIардиг)
7. Хьуьн чохь а арахь а кетар ю лелаш? (УьстагI)
8. Ша шайх а вац, маж а ю? (Бож)
9. Лаьттахула лелаш а ю,
Стигал гуш а яц,
Узарш деш а ю цомгуш а яц? (Хьакха)
10. Шозза дуьненчу яьлларг? (Котам)