Аса х1инца язйийра ю "Хьайна лор хила лаахь "ц1е йолу сочинени .Х1ора а адамо ,шен дахарехь дика некъ лаха безаш бу.Амма адамо лехха болу некъ,кхечу адаман беркат хира долуш белахь,и Далла хьалха а деза ду,сйилахь а ду.Суна иштта нийса хеташ цхьа некъ бу,лор хилар.Лор хила атта дац.Оцу белхан коьрта декхарш цамнар нийса къастор,аьлча а,нийса диагноз х1оттор ду.Лор яха дагахь ю со,амма суна эцца яха дикка х1аманаш 1амон деза.Цхьа х1ума гал а даьлла,адаман вон х1ума хилахь,аса и сайна цкъа а гечдийра дац,цундера лерина бан безаш болх бу и.Цомгашниг т1евеача,и кочара ваьллачхьана молханаш а яздина д1авахийтар,и нийса дац.Ша т1аьхьа ца кхуьуш х1ма делахь,кхечу говзанчашна т1ехьажийна дарба даладеза цунн.Уггаре а хьалха ,собар хила деза лоьрехь,и ца хилча цунна болх а балур бац,х1унда аьлча,адам шен цамгарца гатлой сиха хуьлу.Нагахь санна,хьайна лор хила лаахь ,цомгашниг т1евеача,адамаллехь ца вухуш ,са тоьхна,церан г1улкхе хьажа веза.